Иттех де даьллера Кута Ахия волчохь хьошалгIахь волу. Кхолламан беттан чаккхе йара иза. ГIурано лаьцнера латта. Цу дийнахь Ахия шен хьаша а цхьаьна жимма волавала араваьллера. Накъостий гIаш Абайн бIов йолчу агIор бахара, шайна тIаьхьа говраш а йуьгуш. Арахь цхьа йекъа шело йара, маьлхан зIаьнаршлахь дато бос бетташ лепара диллина доккха ло. Черекна а гайтинера гIурано шен ницкъ. Ахканан шина а йистехь ша бинера. Ткъа Кавказан ламанийн баххьаш стигланан сийналлехь шайн къоьжа кортош а лепош лаьттара. Маржа-йаI! Ма баккхийчу хиламийн теш хилла лаьтта уьш кхузахь эзар шерийн йохаллехь. Ткъа тахана цара къобалдо Кавказан обаргийн вежаралла, цара шайн Даймехкан маршонах дог ца дуьллуш арабаьккхина болу и чолхе некъ.
– Кхайкха везаш ца хиллера вайшиммо Мушни, де дийне мел долу а чIагIйала мегаш йу шело, цундела тамаша бу и вайна тIекхачахь – элира доккхачу дукъе а хьоьжуш Кутас.
– Са ма гатде, Кута. Ломан буьххье вала гIерташ ма ваций иза а. Сванашна ламанан хIора тача девза. Суна-м наггахь моьтту и къам Дала кху дуьнен чохь мел болу лам талла кхоьллина ду – велавелира Ахия.
Лаьмнийн когашкахь шайн аьрха дой а совцийна геналле бIаьрг туьйхира цара. КIотар керайуккъехь санна гуш йара. Саьккалшчуьра пешнийн биргIанашкара нийса хьалаоьхучу кIарах кхета мегар дара арахь жимма а мох ца хилар. Iаьнан де цIена а, хаза а дара, цуьнан хIаваах дог Iаьбна ши бере воккхавера шаьшиннан садаIарах.
Iаьнан доца де сиха чекхделира. МаьркIажа ламаз а дина, КъорIан деша охьахиъначу Кутина хезира нехан аьзнаш. Ша долийна айат чекх а даьккхина, КъорIан тархи тIе охьа а диллина, иза хIун ду хьажа аравелира. Кертахь лаьтташ масех стаг вара, ткъа диллинчу кевнашкара гуш йара говрашца йоьжна салазаш. Ахияс цхьаьнга чукхойкхура, амма иза шен салазца сиха дIавахара. Шен цIийнан неIсагIехь лаьтта Кута а гина, Ахияс мохь туьйхира:
– ТIеэца хьайн сванаш!
Iаьнан буьйсанан шело а йахьаш, хьешашца цхьаьна чоьхьавелира Ахийа.
– Ассаламу Iалайкум! Дика мел дерш догIийла кху хIусаме! – месала куй охьабоккхушшехь Мушни вевзира Кутина.
– Ва Iалайкум ассалам, – дегайовхонца жоп делира цунна Кутас. ДоттагIий марабеттабелира.
Сване леррина хьаьжна, Кутас хаьттира:
– Хьо тойне ваха араваьлла-м вац, шаьлта а оьллина, чоа а доьхна?
– Вац! Соьгахь кхин а топ а йу. Со тойне ваха араваьлла вац, со тIом бан араваьлла ву. Кутас ловзарга суо кхойкхур воций хаьа суна – забар йира эла Ратианис. ТIакхха цо нохчочунна бовзийтира шеца баьхкина накъостий:
– Кута, хIара Хергиани Дато ву – сан бераллера тешаме доттагIа. ХIара ца хиллехь со кхуза тахана кхочур а вацара – элира Мушнис, зоьртала дегIехь, куц долу ламанхо Кутина тIе а валош.
Дато леррина хьоьжура шена дуьххьара гуш волчу Кавказехь цIейаххана волчу нохчийн обарге:
– Суна дукха хезна хьоьх лаьцна дуьйцуш. Фатикас хьоьга доккха салам-маршалла а ло бахара, хьо вихкина а Сванети дIакхачаве а бахара цо – элира гуьржичо Кутига куьйг а луш.
Хьеший йоккха чоь дIалаьцна охьахевшира. Пенна хьалха лаьттачу пешахь, цIарул цIен суйнаш дIасхьа а кхуьссуш самукъне лелхара дечиг. Беха некъ бина гIелбеллачу хьешийн догIмаш мерзачу кхачано а, хIусамера йовхоно а малдинера. ХIусамда вистхилира:
– Кута, вайн хьеший гIелбелла. Хетарехь, вай тховса садаIа деза, ткъа кхана паргIат вайн гIуллакх дийцаре дийр ду вай.
– ХIан-хIан! Оццул гIелвелла а вац со, Кутас со хIунда кхайкхина хIинццехь ла ца доггIал – элира Мушнис, лерина шен нохчо доттагIчун бIаьра а хьоьжуш. Цуьнца реза хилла корта лестош вара Хергиани Дато а.
– ТIаккха-м, хетарехь вайн суьйре дикка йахлур йу аьлла хета суна – велакъежира Ахия.
НеIсагIехь лаьттачу шен вешин кIанте а хьаьжна, хIусамдас элира:
– Цундела чай даима а довха а хила деза!
Буьйсанан тийналла хьаьрчира хIусамах. Массо а Куте ладогIа кийча вара. Нохчийн обарга дийца долийра ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву:
– Ши кIира хьалха цхьа нохчо волчохь со хьошалгIахь волчу хенахь, суна хиира Геловани Илико гуьржийн эла волчохь закъалтана лаьцна нохчийн жима кIант хилар. Иза Нохчийчу цIа а вигна, шен волчарга дIавала веза ас. Амма цкъа суна хаьа деза и кIант дийна ву йа вац, боккъалла а и эла волчохь ву и кIант йа вац – Кута сатийсамца хьоьжура Сванетера шен накъосташка.
– Тхуна хаьа цунах лаьцна – гIайгIане шен доттагIчуьнга Датога хьаьжира Мушни. – Масех бутт хьалха, нохчийн цхьаьна совдегара дукха ахча дара цу кIантах луш, амма къена эла ша аьлачунна тIера вер волуш вац – элира Мушнис, геналле бIаьрг бетташ.
– КIант иэцалур вац. Иликонна ахчанан мах ца хета дукха хан йу – къамелана тIевирзира Хергиани. – Суна хетарехь и хаттар ДадешкеланигIара къастор дара. Ма-дарра аьлча, цара дакъазадаьккхина а дара ГелованигIеран тайпа. Цхьаьна хенахь Дадешкилиани Тенгиза цхьа чIогIа доккха гIуллакх дина хилла боху Геловани Иликонна, цундела иза цунна хьалха декхарийлахь ву. Ша Тенгиз хIинца вац, амма цуьнан кIантана Татарханна хууш ду ша дерриге а. Нагахь санна хьан цу ДадешкелианигIарна тIекхача аьтто балахь, ахь хIумма а хала ца воккхуш, кIелхьаравоккхур вара и кIант – хехар дира Кутина Датос.
– ДадешкелианигIар болчохь кест-кеста хьошалгIахь хуьлу кхарачойн эла Крымшамхалов – элира Мушнис.
– Крымшамхалов Ислам суна дика вевза! Тхойшиъ доттагIалла лелош а ву – хазахийтира Кутина. ХIинцалц вистхилар доцуш хиллачу хIусамдас элира, Кутина сатийсам бохош:
– Схьахетарехь, Илико Геловани кIоршаме стаг а ву, ша аьллачунна тIера вер волуш а вац. Нагахь санна цо ДадешкелианигIеран дехара а жоп ца луш дитахь, тIаккха хIун дийр ду вай? Цу тIехь ойла йан йеза вай!
– ТIаккха вай нуьцкъала цуьнан хIусаме чу а девлла, кIант Куте дIалур ву-кх – дIахьедира Мушнис.
Ах буьйса йаьллера. Пешахь лелхачу дечиган тата бен ца хезаш, йуха а тийналла йоьссира.
– Со бахьанехь цхьаьна а стагаца шу девне ас довлуьйтур дац. Суна хаьа сванийн йукъараллехь чIир боху дош муха маьIна йолуш ду. Суна шуьгара оьшург гIо бен дац, ас цIий Iанаде ца боху шуьга. КIентан да а вийна элас шен цхьаъ бен воцучу кIантах чIир эцна. – Алу хилла догура Кутин бIаьргаш. Нохчийн зудчун дахар гIеметтахIоьттинчу шина къонахчун дахаран меха ду – элира Кутас, къона нохчийн зуда йалар дагчуьра ца долуш…
Кавказехь цу деношкахь кхин а чIогIа шелйелира. Цу хьолехь шен хьеший новкъа ца бовлийтира Ахияс. Цундела цара кхин а масех де даьккхира Балкхарехь. Накъостийн барт хилира бIаьста, жимма а некъаш аттачу девлча, Кута кхарарчойн элаца Крымшамхаловца Дадешкелиани элий болчу Сванете хьошалгIа а веана, церан гIоьнца кIант цIа верзо хьожур ву аьлла. Нагахь санна ишта а аьтто ца балахь Кутас ламанхойн тобанца Сванете а вогIий, нуьцкъала кIант схьавоккху, ткъа цуьнан накъосташа сванаша Доккхачу дукъа тIехьахула Балкхаре дехьавала гIо до цунна.
Цу тIехь барт хилла дIасакъаьстира накъостий. Мушни шен доттагIчуьнца Хергианица къоьжачу Кавказан ирхенаш рогIера йаха дIатасвелира, ткъа Кута шен накъостаца ГIебарта вахара, цигахь жимма са доIуш, хан а йаьккхина, Нохчийчу дехьавала дагахь.
1901-чу шеран шело ца кхоош деана и буьрса Iа хуьйцуш, Кавказан лаьтта йоьссира къона бIаьсте. Баьццарчу духаро кечйира хьаннаш, ткъа бес-бесара зезагийн кузо хьулйира шера аренаш а, некъан йистош а. КхоалгIа де дара Кута Йоккхачу Кхарачара Учкулан олучу йуьртахь меттигера эла Крымшамхалов Ислам волчохь хьошалгIахь волу.
Масех эзар стаг веха йоккха йурт йара Учкулан. Кхузахь масех маьждиг а, туьканаш а, пхьаьлгIанаш а йара. Учкулан олучу хи йистехь, Уллу-Кам олу кхин цхьа ахка цу хих кхетачу исбаьхьа хазачу меттигехь Iуьллура и йурт. Иза цIейаххана йара даьхний а, наккхармозий а лелорца.
Ши де хьалха Ислама шен нах Накра дукъал дехьара хьал муха ду хьажа дIахьажийнера, Гуьржийн махка дехьавалар таро хир йуй талла.
Кутас дийцира Исламе ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву. Кхарачойн элас тешо йира Кутина гIо дан ша шен ницкъ кхочург дийр ду аьлла.
ШолгIачу сарахь Крымшамхаловс бахийтина хилла нах цIа баьхкира. Цара хаам бира Гуьржеха боьду некъ биллина бу аьлла.
Кхин цхьа де даьлча, шен нах вовшах а тоьхна, Кута цхьаьна а волуш, кхарачойн эла Гуьржеха ваха новкъавелира. Арабаьккхина некъ атта бацара, ткъа лаьмнашка лекха хьала мел волу, иза кхин а чолхе а, хала а хуьлура. Амма Iаламан хазалло а, Шат-Ломан буьххьера схьахьоькхучу цIеначу хIавао а гIо дора Кавказан ирхенаш атталица йаха.
ШолгIачу сарахь хьеший Сванетера ДадешкелианигIар болчу кхечира. Хаза тайина церан хIусамна гонаха йина лекха керта йара, ткъа уьйтIахь лаьттара кху махкахь уггаре а лекха лоруш йолу бIов. Кевнаш схьа а диллина, царна дуьхьал веанчу ламанхочо хIорш муьлш бу а ца хоттуш, чубигира.
ДадешкелианигIеран ков-керт вуно хаза кечйина йара. Гуш дара иза бехаш болчу нехан ков – керт хилар. ЦIенна гонаха а, кертан йистошкахула а дIадийна шортта тайп-тайпана дитташ а, зезагаш а дара. Ткъа цIенна тIехьара гуш дара говрийн доккха божала а, пхьалгIанаш а.
Беха некъ бина хьеший жимма дег меттах доккхуш боллушшехь, цIийнан ламитIехь гучувелира цIен чоа а дуьхна, гIеметтахIоьтина стаг. Цуьнан гIодайуккъехь дихкина дара дашо хIур биллина доьхка.
Крымшамхалов Ислам шена гушшехь иза хазахетарца ламитIера охьахьедира:
– Дала бакъ де суна суна гуш дерг! ХIара ма доккха совгIат ду – мохь туьйхира цо.
Ислам а, Кута а хIусамдена дуьхьал вахара, ткъа ши эла дегайовхонца маракхийтира.
Дадешкелиани Татархан воккхавийна а ца волура кхарачойн элас шена хьошалла дарна:
– Делахь, боккъалла а ма доккха совгIат хили суна ахь дина хьошалла – олура цо сих-сиха. Элана хIинца бен ца гира йуьстах ваьлла шайн цхьаьнакхетаран терго йеш лаьтташ волу нохчо.
Цуьнга куьйг луш Дадешкелианина гира нохчийн обарган и кIоргера хьежар.
Дадешкелианин хIусам йан а йара боккъалла а эла вехачу хIусамах тера. Хьешан цIенна нийсса йуккъехь лаьттара папан дечигах йина горга стол, ткъа цунна гонаха дара Iаьржа тIаьрсиг тоьхна гIанташ. Товханна хьалха лаьттара черчийн цIоканаш тIетессина даккхий, кIеда гIанташ.
Ткъа чоьнан малхаблен агIор доьзалан да Махвши охьахууш волу кечдина леккха гIант. Хьешан цIа сирла доккхуш, догура иттанаш чIурамаш.
Ткъа стоьла тIера чимтоссургана чохь кIур бетташ Iуьллура еза тонка чохь луьлла.
Хьеший йуучух кхетта, жимма садаIа паргIат битира, ткъа буьйсанна папан дечигах йиначу, кхачанах кечйинчу йоккхачу стоьла хьалха охьахевшира уьш. Татархан лерина хьаьжира шен хьешашка:
– Ислам, нагахь санна хьо со волчу кху нохчочунца веанехь – Куте хьаьжира иза, цхьаьна гIуллакхо соьгара гIо оьшуш араваьккхина хир ву-кх хьо?
– Татархан, ахь нийса боху! Хьогара гIо оьшуш араваьлла ву тхойшиъ. Кутас ша и хьоьга дийцича нийса а хетар дара суна – элира Ислама. Обарга жимма соцунгIа а йина, долийра шен къамел:
– Гуьржийна къена эла Геловани Илико волчохь ши шо ду закъалтана лаьцна нохчийн бер долу. Цу кIентан дас дов даьллачохь къеначу эланан кIант вийнера, ткъа шен кIантах чIир оьцуш элас тур тоьхна и нохчо а вийна. Эланан йийсарера йада гIоьртина цу нохчочун зуда Бурунтуша дукъа тIехьа йолуш, шелонах гIорийна йелла. Дийна виссина волу и жима кIант элас закъалтана лаьцна ша волчохь сецош ву. Заманан йохалла суна хезна дацара кавказхоша зударшца а, берашца а тIом бо аьлла. Со кIантана тIаьхьа веана. Иза шен цIа верзо веза, шен гергарчу нахе дIавала веза.
Обарг паргIат вистхуьлуш хиллехь а, амма цуьнан доьналлех дуьзначу сибатана тIехьаьжча а гуш дара, иза ша аьллачунна тIера цкъа а вер волуш воций.
– Суна хезна цунах лаьцна. Соьга дийцира и хаттар къасто гIерташ эла Ратиани ву аьлла. Цкъа мацах бIо булуш хилла и ГелованигIеран элийн тайпа тахана дикка гIелделла ду, амма шайн йаьхьах доьхна дац. Амма ма-дарра аьлча чуьра ара а ца волуш, массарех а дIакъовлавелла волчу Иликон коьртехь хIун ду хууш Дела ша воцург цхьа а вац – ойла йеш вара хIусамда.
– Татархан, хIара тахана сингаттаме волу нохчо суна ваша санна ву хьуна. Кху дахарехь Iедало а, ахчано а гIо ца дечу хенахь, дош лелаш волчу Кутех хуьлу сан мокхаза гIортор. Ас хIумма а шеко йоцуш эр ду хьоьга, цо и кIант йа дийна йа велла цу йийсарера маьрша воккхур ву хьуна. Со ца хьоьгу хьуна кхунна новкъарло еш дуьхьал вер волчунах а. Цундела хьайн ницкъ кхочург де и гIуллакх маьрша дIадерзо. КIант воцуш кху махкара дIадаха йиш йолуш дац хьуна тхо – кхарачойн эланна лаьара шаьш кхуза кхачаран мехаллех Татархан кхетийта.
Къамел деш уьш Iачу хенахь кертара белхалочо хаам бира Татарханан ваша веъна аьлла.
– Кхуза чоьхьавала ала цуьнга – элира хIусамдас.
Жимма хан йаьлча, чоьхьа велира тIеман духар а долуш, майор цIе лелош волу Джансуг. Оьрсийша-м Георгий олура цунах. Шен вееш корта а таIийна, цо кхарачочуьнга куьйг кховдийра:
– Муха Iаш ду шу, эла? ХIинца-м хьо волчу ца вогIуш Iийр вац хьуна со – велакъежара иза, ткъа йуха цо Куте куьйг кховдийра.
– Джансуг, девзаш хир ду шу! ХIара Нохчийчуьр сан уллера накъост ву – вовзийтира Ислама вешина шен доттагIа. Джансуг вешина улло охьахиира. Дадешкелиани вежарий шайн хьешашна дуьххьал Iаш бара. Ислама а, Татархана а хоьттура эпсаре цуьнан гIуллакхаш муха ду, тIеман урхаллера керлачух лаьцна. Цаьрца къамел деш волу иза кӀелдӀашхула нохчочуьнга хьоьжура. ткъа цIеххьана шена хантIе кхозучу тепчан мукъа тIе куьйг а дуьллуш иза хьалаиккхира:
– Со вала велла! Кута ма ву иза! – йоккхуш йерг шен цIе йоцуш санна меттаха ца волуш Iаш волчу нохчочунна тIера бIаьрг ца боккхура эпсара.
– Мила Кута? – цецваьлла хьоьжура шен веше Татархан.
– Нохчийн обарг Кута ву-кх! – шен ваша ша дуьйцучух ца кхетарна оьгIаз оьхура Джансуг.
– Хьуна вевза иза? – йуха а цецваларца веше хаттар дира Ислама.
– Вай хьанна ца вевза иза? – цIеххьана мохь беттачуьра соцуш, меллаша жоп делира Джансуга.
– Ма эхь ду иза! Суна-м ца воьвзу иза – цхьаъ дагадеана леррина нохчочуьнга хьоьжура эпсар.
– Со кхуза чоьхьа воллушшехь и сайна мичахь гина те бохуш, цуьнан терго еш Iаш вара со – велакъажарца стоьла хьалхара гIоттуш, хьешашна тIеволавелира эпсар, ткъа йуха Куте куьйг кховдош, цо элира:
– Буро а, Грозная а гIопашкахь массо а меттехь хьан суьрташ ду, ткъа хьан коьртах хIоттийна боккха мах а бу. Оьрсий кхоьру хьоьх, амма ламанхоша хьан сий до.
– ХIан! ХIинца вайна массо а вовше дика вевза – велавелира вист ца хуьлуш, Iаш хилла эла. Гулбеллачара йуха а дийцаре дира Кутас деана гIуллакх.
– Ислам, хьо тан доттагIа ву. Тхан дас Тенгиза чIогIа гергарло лелийнера хьан деца. ХIинца дуьйна хьан накъост Кута а тхан доттагIа хир ву. И кIант цу йийсарера маьрша ваккха мел а дукха ахча кхоор дац оха – шайн къамелана реза болуш, вовшашка хьоьжура ДадешкелианигIар.
– Ас кхана Геловани эла волчу а вахана дуьйцур ду кIантах дерг – ша бина сацам бовзийтира Татархана.
Iуьйре йекхна йара, амма делкъехь чIогIа йохлур йу. Сванетехь бIаьсте хьалххе йеанера Кавказан дукъа тIехьачул. Эланан кертахь заза даьккхинера стоьмийн дитташа, ткъа керла йаьллачу бецан баьццарчу куза тIехь даьржинера бес-бесара зезагаш. Геловани волчу массо а цхьаьна гIур ду аьлла сацам бира хьешаша. Дадешкелиани шен хьешашца а, иштта кхин болчу уллора накъосташца а эла Геловани Илико кхечира. Кхаьрга хьоьжуш хилча санна, сиха схьадиллира кевнаш. Геннара гуш вара кертахь стоьла хьалха Iаш вара ойланашка вахана къена эла. Говрашкара буьссуш, уьш эланна тIебахара. Керта богIу нах гича, эла меллаша хьалагIаьттира, ша карахь ловзош хилла шаьлта йуьстах а йоккхуш.
– Маршалла ду хьоьга, сан хьоме Илико! – куьйг кховдийра цуьнга Татархана. Къеначу элане маршалла хаьттира Ислама а. Кутас корта таIийра, амма куьйг ца кховдийра.
Массаьрга а лерина хьажарца, гуьржийн элас уьш стоьле кхайкхира.
– Хьо лаа веаний, Татархан со волчу? ХIун гIо оьшу хьуна соьгара? – щен хьешан бIаьргийн хьежарехь цхьаъ деша гIерташ санна хаьттира къеначу элас.
– Соьца сан накъостий бу, кхарачойн эла Крымшамхалов Ислам а, нохчо Кута а – бовзийтира Татархана шен накъостий.
– Суна вевзара кхуьнан да – Исламе дIахьаьжира гуьрже. – ЧIогIа гергарло лелош вара тхойшиъ, ткъа нохчийн обарг а вуьйцуш хезна – элира элас.
– Илико, хьуна хаьа тхойшиъ хIун гIуллакх эцна араваьлла. Айхьа хIоттийна мах ала, тIаккха оха кIант дIавуьгур ву. Иза шен нахана дIавала веза. Берашца тIом беш а ца хуьлу, берашкара чIир оьцуш а ца хуьлу – эланна тIера бIаьрг ца боккхуш, элира Татархана.
О проекте
О подписке
Другие проекты
