Читать книгу «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута» онлайн полностью📖 — Мурмана Ратиани — MyBook.
image

– Кута сан хьаша ву! – Элас бIаьрг туьйхира гулбеллачу нахе. – Фатика хьаьнга маре гIур йу шаьлтанаша къастор дац, иза цуьнан дас къастор ду. Шен дас Мухарбис дIайеллачуьнга маре гIур йу Фатика – йоьIан да волчу агIор бIаьрг туьйхира элас. Тоба дIасатеIира. Мухарбинна тIевахара Навруз:

– Лараме Мухарби! Хьан йоI кхиъна йаьлла. Цуьнан безам бахьанехь шайн синош дIадала реза бу Кавказан уггаре а тоьлла къонахий. Ас сайн цIарах йоьху хьоьга иза сайн хьаша а, доттагIа а волчу нохчийн обаргана Кутина. Цул тоьлла хIусамда хьан йоьIана карор вац хьуна!

– Цу нохчочунна хууш дуй сайн йоI ас йорах дIалур йоций? – велакъежира иза, шен къоьжачу мажах куьйг а хьокхуш.

– Массо а харж ас сайна тIелоцуш йу! – кхоладеллачу хьолах воккхаверца жоп делира балкхаройн элас.

– ТIаккха суна вайн барт хилла аьлла хета. ТIедогIучу кIиранан дийнахь шайн нускал дIадуьгур ду-кх аш – хьалагIаьттира Мухарби, шен кIенташка шаьш дIадоьлхуш хилар хоуьйтуш.

Циггахь говрашка а хевшина, шайн накъостаца сванаца дIабахара Ахиян вежарий а.

– Цу нохчочунна хууш дуй нускал дIадигале той балкхаройн лаьттахь а дан дезий? – саца туьгуш вацара маларах кхетта балкхархо.

– Шуна цкъа а ца гиначу кепара той хир ду-кх шуна – велавелира гIебартойн эла Клишбиев Аслан шен доттагIчун Кутин куьйг а лоцуш.

Шайн кIотара Кюнлюме сванаца цхьаьна Ахиян вежарий буьйсанна схьакхечира. Ахия цIахь вара:

– ТIаккха? Муха дара той? Гирий шуна Фатика? – хаьттира Ахияс чоьхьаваьллачу шен вешига Асхате, бIаьргашца боданехь цхьаъ лоьхуш санна. – Кута мичахь ву? – хаьттира цо шен вежаршка а, царна уллохь лаьттачу сване а.

– Шен нускалца хир ву-кх велар иккхира цуьнан воккхах волчу вешин.

– Фатика ган а, цуьнга хьажа а хIинца хьан доттагIчун Кутин бен бакъо йац, иза цуьнан нускал ду – Асхата аьллачунна тIетайра церан щича.

Ахия хIумма а кхеташ вацара, амма балано макхвинчу Ратиани Мушнига хьаьжча гуш дара цу тойнехь цхьаъ хиллий.

– Мушни, ахь мукъне а ала хилларг хIун ду? – дийхира Ахияс. Ткъа цуьнан вежарша хIумма а къайла ца деш, Гелястано кIотарера тойнехь хилларг дIадийцира, ткъа эла Ратиани Мушни вист ца хуьлуш, вехха лаьтта бIаьра хьоьжура.

– Ахия, ас доьху хьоьга, цкъа мукъне а иза ган гIо де суна! Нагахь санна и реза йелахь тхойшиъ дукъа тIехьахула сан махка дехьадер ду, цигахь иза нохчочунна а карор йац – дехарца шен доттагIчун бIаьра хьоьжура Мушни.

Цуьнан гIийла хьежаро дог Iийжадора балкхархочун.

– Дер лаа ма дац иза ша дерриге а – дагалецамаш кего волавелира Ахия. Суна Кута дика вевза. Суна дика девза цуьнан къам а, тайпа а. Со дукхозза хилла иза схьаваьллачу Довта-МартантIехь. Цо цкъа а лачкъор дацара нехан ирс, цуьнан дерриге а дахар нах ирсе барна лерина хилча – шена хезначух ца тешара Ахия. – Жималлехь дуьйна цу нохчийн къонахчо Кавказан муьлххачу а маьIIера Iедалан Iазапо ницкъ биначу ламанхойн сий ларда шен дахар цкъа а ца кхоийна. Цуьнан йаьхь, доьналла, майралла, комаьршалла йовзарна иза ма кхойкхура массара а шайна тIе чолхе киртиг хIоьттича – ойла йора Кутин доттагIчо. Iуьйре хиллалц са ца туьйш, Ахия буьйсанна говра а хиъна цхьанхьа вахара.

Кундетово олучу шен кIотара цIа веъча, Мухарбис тIедогIучу кIиранан денна кечам бе элира Фатика маре йала. Фатикас ца йаьлла тIеийцира шен кхоллам – дас ша делла дош цкъа а йуха а оьцур дац, амма дагна хала дара цунах кхета – иза доьлхура, Iийжара, чов хилла лозучу цунна тIе дагалецамаша туьха туьйссура. Мушни пхи шо воккха вара Фатикел.

Жима бер долчу хенахь дуьйна цо даима а тамаша бора Мушних а, цуьнан доттагIчух Хергианих а ша дейиша йолчохь Сванетехь хьошалгIахь йолчу хенахь. Фатикан пхи шо дара Сванетехь цуьнан жима цициган кIорни дитта тIе а даьлла, цу тIера охьа ца доссалучу хенахь. Фатикас луларчу кIенташка дийхира шена гIо де аьлла, амма цхьа а ваьхьаш вацара диттан дуьткъачу гаьнтIе хьалавала.

Иза йоьлхура, ткъа довхачу бIаьрхийн Iовраш цхьаъ цхьанна тIаьхьа охьауьдура цуьнан ховхачу бесниш тIехула. Йоьлхуш йолу йоI гира цу урамехула богIучу кIенташна. Царех цхьаъ сецира.

– ЙоI, хьо хIунда йоьлхуш йу? – хаьттира царех цхьаммо шен кучан пхьошаца йоьIан бIаьрхиш дIа а цIандеш.

– Сан кIорни, цициган кIорни – къурдаш деш гайтира йоьIа диттан гаьннашах тассаделла Iаш долу жима пису.

– Эла, хьавола! – кхойкхура кIанте цуьнан накъостий. Амма иза уьш тергал ца беш дитта тIе хьалавелира, кагдала доллучу дуьткъачу гаьннах а тийссалуш. КIантах кхераделла пису кхин а лаккха хьаладелира. Ша дерриге а дицделла хьоьжура массо а хуьлучуьнга. КIант пису схьаэцна ваьлла аьлла хеттачу хенахь, га кагделира, амма цо тIаьххьара катуьйхира кIорних. Ткъа иза важа куьйгаца тассавелла хилла диттан га цуьнан йозалла ца лаелла, татанца кагделира, ткъа кIант карахь пису а долуш лаьтта охьавуьйжира шен хеча а йатIош, ткъа пису-м могуш-маьрша цуьнан карахь дара.

– ХIара ду-кх хьан пису – самукъне дIакховдийра цо Фатике кIорни.

ХIетахь дуьйна воккхах волчу вашас санна терго йора цо йоьIан. Балкхаре дIайоьдучу хенахь, цо чIогIа сагатдора Мушнина, сатуьйсура йуха а Сванете кхача.

Иза элийн ширачу тайпанера схьаваьлла вара. Церан тайпа хIинца хьалха санна хьал долуш дацахь а, амма РатианигIар шайн доьналлица бевзара йукъараллехь.

Кхойтта шо кхаьчча Фатикана везавелира Мушни, ткъа цуьнан безам жоп доцуш а ца биссира. Кавказан дукъа тIера уггаре а кхераме йолчу ирхенашкара гулдинчу зезагийн курсаш кхоьхьура цо йоьIана. Цуьнан санна ламанца лекха хьалавала ка йолуш Мушнин доттагIа Хергиани бен вацара.

Ткъа хIинца Фатикин лаахь а, ца лаахь а нохчийн обарган зуда хила йеза. Цунах лаьцна дукха дуьйцу Кавказехь. Фатикина иза хьалха а гинера, ткъа тахна иза йехха хьоьжура цуьнга. Обарг хаза а, доьналла долуш а вара, амма ма хийра вара иза йоьIан дагна, цундела Фатика ца кхетара ша муха кхуллур ду цуьнца дахар. Амма йоьIана хаьара шен дас делла дош ша цкъа а дохор доций, цунах шен са дIадала дезаш хилахь а.

Ахия цIа вогIуш вацара. Цуьнан вешин Асхатан а, Мушнин а сацам хилира Кутас Фатика Кундетово дIайуьгучу хенахь иза цуьнгара йаккха. Цу гIуллакхна цара вовшахтуьйхира уггаре а доьналла долчу итт балкхархочух тоба. Iуьйранна сатоссуш, уьш тIелатар дан дезачу меттигехь бара. Ткъа тобанна йукъара шиъ са а хилале Кундетово дIаваханера, цигара хьал меттигехь довза.

Делкъа хенахь уьш говраш хаьхкина кхечира, тамашийна хаамца: нускал Кюнлюме, Ахия волчу далош ду, той а кхузахь хир долуш ду.

Балкхархой цецбевллера: хIорш даккха гIиртина нускал, кхарна тIе доссош ду. Иза цкъа а хезна а, гина а доцу хIума дара.

– Делан кхел йу иза, цунах цхьа а ваьлла вац, йа иза цхьаьнга а хийцаелла а йац – гIийла велакъежара дог диллина Мушни.

– Кута а со санна Ахиян доттагIа ву, цундела со шуьца Кюнлюме дIавогIур ву, ткъа йуха массеран а Iодика а йина, сайн Даймахка дIагур ву – элира Мушнис, шен сингаттам ца лечкъош.

Уьш кIотара схьакхаьчначу хенахь Ахиян кертахь шортта нах бара гулбелла: Ахиян да Тавшур а, церан цIийнах воккхах волу къано Абрек а. Уьш массо а хьоьжуш бара нускал схьакхачаре. Ахия кертахь цхьацца дезарш деш вара. Геннара схьакхетара кхехкочу жижиган хьожа. Гуш дара кху кертахь тойнна кечам беш хилар.

– Шу мичахь лелаш ду? Нехан нахе цIентIехь гIо де баха дезаш ву-кх со – оьгIазвахара Ахия шен вежаршна. – Той кхузахь хир ду! Хьо а кечвала мегар дара, хьуьнха талла ваха араваьлча санна а ца Iаш – Мушнига хьаьжира иза.

– Со дIавоьдуш ву, Ахия. Сайн йезаран тойнехь сакъеррал ницкъ болуш вац хьуна со – Мушнис ца лечкъадора шен бIаьрхиш. Ахияс иза белшаш тIера а лаьцна, кертахь лаьттачу гIанта охьахаавира:

– Хьо сан доттагIа ву, ткъа хьо санна доттагIа сан Кута а ву. Нагахь санна и декъала а ца веш, хьо дIаводахь, хьо гIиллакх доцург хир ву хьуна – хьехар дира цо шен доттагIчуьнга.

– Дика ду! Хьан дуьхьа дийр ду ас иза, амма Фатика ган суна ца лаьа хьуна. Со ишта а тахана шен къизалла ца кхоош кхолламо зийна хьуна, сан кхин ницкъ бац – куьйг ластош, чоьхьавелира Мушни.

Нускал эцна йогIу пайтон генара дIахьаьжча хIинца а гуш йацара, амма иза Кюнлюме кIотаре кхочуш хиларан тоьшалла дара герзан тата.

Пайтон кертал чоьхьайелира. Йерриге а кIотарера зударий, бераш гулделлера Ахиян кертахь. Дукхачарна гина йацара Фатика, амма цуьнан исбаьхьа хазаллех лаьцна ца хезаш ца виссинера Балкхарехь цхьа а.

Ткъа нускал далийна волу Кута а вацара хIумма а ирча – зоьртала дегIехь, доьналлех дуьзна цуьнан сибат массарна а йукъахь къаьсташ дара. Пайтонера охьадоссийначу нускалан йуьхьтIе кхоьллинчу шипона бухахь гуш дара бIаьргара охьахьевдда даккхий хин тIадамаш.

Хьешашна йукъахь бара кху захалонехь дакъа лаьцна болу балкхаройн эла Урусбиев Навруз а, той вовшахтухуш волу гIебартойн эла Клишбиев Аслан а, иштта кхин берш а. Фатикана уллохь лаьттара Ахия. Кута адамийн гуона йуккъе а ваьлла шен нускална а, накъостана а улло дIахIоьттира:

– Суна дукха хезнера сайн доттагIчо Ахияс шен накъостан элан Ратиани Мушнин доьналлех а, син-оьздангаллех а лаьцна дуьйцуш – леррина шен накъосташка хьаьжира Кута.

ЦIеххьана, бIаьстенан догIа санна Фатикин йуьхьтIехула йуха а охьахьевдира довха бIаьрхиш. Ма хала дара сатоха цхьаьна а мIаьргонна хьайн дагчуьра ваьлла воцучу везаран дикаллех лаьцна, хьо ца йаьлла маре йаха дезначу хьан хIусамдас дуьйцуш ладогIа.

Ткъа Кутас-м сацанза шен къамел дора:

– Балкхаройн тойне иза шен йезар ган вахана аьлла сайна хезча, цунах сагатдеш Ахиян вешица цига ваханера со. Нохчийн цхьа Iадат ду шайн доттагIашна уггаре а деза совгIат дан. Сайна иза гина а воццушшехь сайн ваша санна везавеллера суна и сван.

Суна хетарехь шен йезарал деза совгIат цунна цхьаммо а дина хир дац.

Фатика-м цунна уллохь лаьтташ хиллачу Ахияс лаьцна ца хиллехь, кхетамчуьра йаьлла охьайуьжур йара.

Ткъа кхузахь гулбеллачу зударшна-м хала дара шайн бIаьрхиш сецо. Ма дагах кхеттера массарна а Кутас гайтина и цIена гIиллакх.

– Амма хIара гIуллакх ишта дIадерзо аьтто бер бацара суна орцах сан накъостий бевлла ца хиллехь – Наврузана а, Асланна а пIелг хьажийра Кутас. ХIара доладелчхьана йоьIан дена хууш дара оха иза элана йуьгуш хилар. Мичахь ву ша Мушни? Вада-м ца ведда иза? – Велакъежира Кута.

Мушни-м йуьстах ваьлла лаьттара. Иза кхоьрура Фатика гича ша вохарна, амма хIете а даго нуьцкъала ийзавора йезар йолчу агIор. Цунна хIума а гуш дацара йоьIан и нуьре амат бен. Цунна хIумма а хезаш дацара, цуьнан ойланехь тховса шех гуттаренна а къаьстар долуш йезаран васт дара. Иза хIинца а кхеташ вацара хуьлучух. Мушни ца кхийтира Фатика вуо хилла охьайожанза хIунда елира а, амма цунна бIагор беъча, иза йолчу агIор дIатассавелира Мушни, ткъа Ахияс иза охьа ца йожийтича, сецира.

ЦIеххьана кертахь тийналла йоьссира. Цунах цецваьлла сван ца кхеташ дIасахьоьжура. Массо а велакъажарца цуьнга хьоьжура, ткъа цунах эхь хетта Мушни-м кертара аравала гIоьртира. Амма Кута цуьнан некъ хадош, дуьхьалвелира. Ахияс шега аьлларг дагадеъна, Мушнис шен дерриге а доьналла гулдира тIаьххьара сатоха. Велакъажарца нохчочуьнга вистхилира иза, къаьхьа къурд шен легашкахь къуьйлуш:

– Кута мах боцу хазна йу хьоьга тахна къаьчнарг. Ларйелахь иза! – шен бIаьрхиш лечкъо гIертара эла. Нохчийн обарг кхийтира балано лаьцначу сванна ша дуьйцург хезаш доций.

– Дика зуда хир йу аьлла хетий хьуна цунах? – сван хьийзо волавелира Кута.

– Цул дика а, тешаме зуда а, берийн нана а кху маьлхан дуьненахь карор йац хьуна – халла жоп луш йуха а дIаваха гIоьртира сван, амма иза куьйг лаьцна сацийра Кутас. Элан доьхначу дагах кхеташ волчу нохчийн обаргана ца лаьара иза кхин дIа хьийзо. Кута забар йар дезаш вара, амма хIинца сел боккхачу сингаттамо лаьцначу эланан даг тIе туьха тийссал къиза а вацара нохчийн обарг.

– Сан хьоме доттагIа Мушни! Ас даггара декъал во хьо Балкхарехь уггаре а хаза йоI йалийна, тахана доьзал кхолларца. Ларйелахь иза. Ларбелахь хьайн цIена безам. Таханлерачу дийнахь дуьйна Фатика сан дуй биъна йиша хир йу – доггах маракъевлира Кутас эла Ратиани. ХIинца а хуьлучух кхеташ воцучу Мушнинна тIеведира Ахия:

– Нохчийн къоман ламаст ду: нагахь санна цара бIаьргашна гина а воцуш, дагца доттага хьаржинехь, цуьнан доьналлин лаккхара мах хадош, уггаре а деза совгIат до цара. Фатикаца хьайн дахаран некъ дIакхехьа сатийсинера ахь. Кутас иза хьуна йала а йина. ХIинца иза хьан йу! – Ахияс доггах маракъевлира шен доттагIа…

Мушнис Фатика йалийна той кхаа буса даздеш дара. Кхин а масех дийнахь доттагIий болчохь хан а йаьккхина, сван шен нускал а эцна Кавказан дукъа тIехьхула цIа ваха новкъавелира.

– Со цкъа а текхна вер вац шуна хьалха долу декхара – Мушнис бIаьрг туьйхира кертахь гулбелалчу шен накъосташка. – Кута, ахь сан дахаран маьIна а, сан ирс а йухадерзийна. Тахана хьо бахьанехь сайн са дIадала а кийча ву со! – маракъевлира цо обарг.

Сурт диллинарг Айтек Дуг

– Ма къинхетаме хилла соьца АллахI! Цхьаьна дийнахь хIусамда Мушни а, доьналла долу нохчийн ваша Кута а вели-кх цо суна – Фатикан Iаьржачу бIаьргашкахь кхерстара ирсан алу.

Кута хIинца а дагалецамийн йийсарехь вара. ХIетахь хилларг дагатесна, цхьа шатайпа йовхо йаьржира цуьнан кийрахь. Ахияга а хьажна цо элира:

– Дер деза ас Мушнина а, Фатикина а делла дош кхочушдеш, уьш болчу хьошалгIа ваха.

– Кху деношкахь лаьмнашкахь доккха ло ду, вайшиъ Мушнинна тIе кхачалур вац. Масех де хьалха сванийн тоба дукъа тIехьахула кхуза сехьа йаьллера. Сванашна хазахета моьтту суна дарцашкахула лела. Уьш кестта шайн цIа гIур бу, цаьрга хабар дохьуьйтур ду вай, хьо со волчохь Мушнига хьоьжуш ву аьлла – жоп делира Ахияс.