– Г1аролана къаьсттина т1е тидам бахийта, и акхарой кхин а т1елатан ойла йолуш хила мега! Яккхийн тоьпашна хаьштигаш кийча хилийта даима! Мукъа ду шу! – омра дина, эпсарш д1ахийцира цо, дов дерзош.
Виситин т1емлоша эзар гергга салтий витинера юьртахь лазийнарг а, вийнарг а. Делахь а эскар дукха дара х1инца а, дукха ницкъа бисинера церан. Амма и эскар кхача оьшуш а, хи оьшуш а дара. Инарлас цхьа х1ума ца хуъуш ца нийсадинера шен эскар хина йистехь. Дукха сирла а, хаза а хи уллохула хьаьдда доьдура. Делахь а, лекха берд а бара, инарлас леррина хаьржинчу оцу аг1ора ламанхой т1елетийла дацара. Бердах ламанхой-м ца бовла тарлора шайн говрашкахь, делахь а салтийн дезара бердах чубийса, шайна хи дезахь. Кхача кечбан салташна белла г1оьнчаш бара, г1аролаш а хи схьакхехьан дезарш а.
Йоцачу салтийн белаш а карахь т1ебирзина салташа бердах чувуссийла яьккхира, нийсса т1ег1анаш а еш. Ламанхой ц1аьххьана гучу бовлуш хилахь а, дехьа-сехьахь юьйлина кечйина тоьпаш а йолуш, г1аролаш бара д1ах1иттийна. Оцу белхана т1евиллина волу векъна а волуш, цигаьрка багахь йолчу эпсара омра дира салташна:
– Сихо йе! Эрна хан ца йойъуш хи схьадададе! Ламанхоша т1елатар деш хилахь сихонца духадерза, г1аролаша мостаг1ашна тоьпаш тухушшехь!
Хи уллохь хиларх самукъадаьлла, хи эцан дезаш болу салтий, т1ехьаьдира зевне екаш йоьдучу тулг1ешна. Хьалхаваьлла воьду оза, веха салтий хина т1екхоччушехь шегара ведарш улло охьа а кхийсина хина чувелира гоьллалца. Охьатаь1ина канаш юьззина схьаэцна хи мелира цо. Кхин цкъа а сихха канашца эцна хи бете дехьира цо. Амма и хи д1амала ца кхиъира, хина дехьара геннара схьахезира топ йолуш. Канашкара хи д1аса а кхуссуш, кьуьйгаш д1аса а даржош аркъала сиха йог1учу тулг1ешна чу охьавуьйжира салти. Дуьхьало ца еш долу цуьнан дакъа масачу хино сихонца охьатакхийра. Гонаха хи оьцуш бохку салтий, ведарш кхийссина а дуьтуш, хина йисттера д1ахьаьлхира берда йистте. Да воцуш дисина ведарш а тулг1еша т1аьхьа хьажийра хьалха охьавехьначу салтийчунна. Дехьа, сехьа лаьттачу г1аролаша тоьпаш туьйхира цкъа цхьаммо кхуссуш, т1аккха вукхо. Хьуьнхана аг1ора, шаьш стенга хьажон еза ца кхеташ, сихонца кхуьйсура г1аролаша тоьпаш, гуш х1ума-м дацара царнна. Х1инца ламанхой, айбина тарраш а долуш чухахкалур бу моьттуш, шена хи эцар т1едиллинчу эпсара орца доьхуш салтий вахийтира инарлан четаре:
– Х1инцца т1елатан мегаш бу ламанхой! Яккхий тоьпашца г1о де боху ала, цуьнан леккхара сийлалле, инарле! – мохь олуш омра дира цо салтийчунна. – Мох санна сиха г1олахь! – т1етуьйхира цо, цхьана куьйга хьокха санна топ а лаьцна, д1аиккхина воьдучу салтийчунна т1аьхьа мохь тухуш.
Хьунна юккъе, хин дехьа б1аьрг а бетташ, салташка-г1аролашна омра дира эпсаро цул т1аьхьа:
– Тоьпаш юлий, кийчча хилийта, мог1а беш д1ахитта!
Г1овг1а яьлча, х1ун хилла хьажа схьауьдура бердана т1ера салтий а, эпсарш а.
– Х1ун хилла! Х1ун хилла? – хоьттура эпсарша шайн накъосте мохь бетташ.
– И акхарой хина дехьа хьуьнан юккъехь хаъабелла! Уьш чухахкабалан мегаш бу! Цхьаъ салтий вийна цара топ тоьхна!
– Тоьпаш кечйе! Мог1а беш д1ах1ийтта! – маьхьарий девлира г1онна т1ебаьхкинчу эпсарийн а шайн-шайн салташна дола деш.
Салтий-м тоьпаш а кечйина д1анийсабеллера сиха, амма ламанхойн лара а яцара хиндехьа хаъалуш. Хи дан бердах биссина хилла салтий а бевлира сихонца берда т1е, шайн буйнара ведарш цхьаболучара охьакхийсинера, бевдда бог1уш. Вукхера-м хьуьнар кхаьчнера ведаршца юхаберза, цхьаберш цхьаъ ведар бен доцуш бара буйнахь.
Кестта хьуьхь а воьлла схьакхечира инарла а.
– Х1ун хилла, х1унда? Х1ара х1ун к1ур бу аша г1аттийнарг? Стенгахь бу ламанхой? – зорба тухуш санна охьадохкура цо хаттарш, шена дуьхьала а лелхаш, ша-ша гайта г1ертачу эпсаршка.
– Цкъачунна хилла доккха х1ума дац, эцца цхьана салтийчунна топ кхетта, – куьйг хурашкин лабана улло а хьош, дуьхьала веънера инарлина хи дарна жоьпалла т1ехь долу эпсар.
– Ламанхой стенгахь бу т1аккха? – ца кхетара, шена т1ехьа яккхийн тоьпаш теттина бог1уш салтий а болуш, схьакхаьчна волу инарла.
– Сан г1аролаша дуьхьала тоьпаш а тоьхна кхерабелла хьуьнхахь лечкъина уьш-м! – дег1 нийса а деш инарлина хьалха лелхара эпсар.
– Шаьш акхарой елахь а, кхерабалар-м оцу ламанхошна х1ун ду а ца хаъара. Цхьа х1иллана ч1аг1о еш хир бу уьш. Бердаца д1а х1оттае йиъ йоккха топ! Вуьйш эскаршна вукху аг1онца шера аре ларъян д1ах1ийттае, шаьш хьалха хиллачу меттиге! – омра дира инарлас. – Ахьа гайтина турпалла хьуьнар ас паччахье дохьийтачу рапортехь билгалдоккхур ду! – жимма къажарна тайпа шен цигаьркан тонкин басахь йолу масех церг гайтира инарлас.
– Со хьан муьт1ахь лай ву-кх, хьан лекхара сийлалла! – даь1ахк еллачу ж1аьлин кепара хьаьвзира эпсар.
– Ламанхой-м лаьхкинера аша эскарна юург кечъян хи деъан аша? – ц1аьххьана дагадеъна хаьттира инарлас, массаьрга а бохург санна.
– Х1инцца, х1окху делан сохьтехь… Со бехке ву… къинт1ера валар доьху, хьан лаккхара сийлалла! – олуш д1атасавелира хих жоп луш волу эпсар, карахь ведар долуш а, доцуш а бобераш санна бердана йисттехь лаьттачу салташна улло.
– Стенга дехьана аша ведарш? Эхь ца хета шуна? Сихонца хинна т1е девдда доьлхуш гайтал суна! Марш! – цхьаберш хино т1адийна, вуьйш сацкъаро бехбина лаьттачу салташна т1евирзира эпсар.
Салтий ша-ша хьалха валан а г1ерташ бердах чутилира, т1ег1анаш т1ехула.
– Шишша ведар хи доцуш цхьаъ вуха верзахь аса бийр бу шун болх, заддарчий! – т1аьхьа мохь олуш берда йистте ша а д1ах1оьттира и, къерзош б1аьргаш а долуш, цергашна юккъе 1аьвдина дуткъа можа мекхан цхьа юьхьиг а йолуш.
Хин т1е боьлху салтий шай эгна ведарш а гулдеш хин а бердана а юккъера тог1ина чухула бевдда боьлхура, хина т1е кхачан сихбелла. Буьрка санна горга велахь а, массарел а каден волу цхьа салтий уггар а хьалха т1екхечира хинна. Д1аса а хьаьжина, хьуна аг1ора а хьаьжина, хьаьжана юккъе ж1арийн сурт х1отта ден кеп а йина, шен буйнара ший а ведар цхьана босса хина буха дахийтира цо. Амма ведарш хина бухахь дисира, ша салтий а «чхьоп-п!» аьлла хиш д1аса а тухуш хьаькхин санна горга муц1ар хьалха хин чу а 1уттуш вуьйжира. Генуо йолчу хьуьна юккъера яьллачу тоьпан тата т1аьхьуо кхечира схьа.
О проекте
О подписке