Читать книгу «Синмог1а» онлайн полностью📖 — Джамал Дударов — MyBook.

Суьйр-Корт. Чиллан-бутт. 1807 шо

ТкъоьсналгIчу бIешеран йуьхь йара тийна.

Моьттура, даьлла къам дахаро зийна.

Ткъа лаьцнарг хиллера саьрмакан дуьхь.

Уггаре къизачех бIешеран йуьхь.

Кост кхечи, инарла Булгак ву бохуш

Итт эзар цхьамзанца Нохчийчу вогIуш.

Кхайкхам би, къонахий дIакхойкхуш гIоьнна.

Хан-Кхаьллахь гуллуш бу нохчийн бIо денна.

ЧIагIйина ханнашца Шин-Суьйран йукъ.

Иччархой хевшина, дIалаьцна дукъ.

БогIуш бу мостагIий, бIобулуш шайх.

Чам кхетта, шайн дагахь, хиндолчу цIайх.

Баьччано хьалхахьа дIауьйхьи тур.

Iадийна хьун дели мажарийн дур.

Таьллашна йуккъера ткъесан цIе сега.

ДогIанах даш Iенаш, мостагIий оьгу.

– Ма бита гIовтта уьш! ТIетоха шолгIа!

Ца оьшу йовсаршна кхоадан молха!

Узарш а, маьхьарий... Сакхдаьлла хIуо.

ЦIийделла хIинцале гондIахьа луо.

Цхьаъ воьжча, цу метте кхин шиъ дIахIутту.

Тоьпаша йохийна зIе цара хутту.

– ХIан-хIани, же, даха баттара тарраш!

Кегдер вай шайн ницкъах тешначийн карраш!

– Гора-йаI! Тохалаш!.. – ТIом кхехкабели.

Шаьлтанийн хелхарехь тоьпийн дур хели.

Дарзала, тIапа а куйнаш ду ийна.

Луо а ду Iаржделла, когаша хьийна.

Борз-нанас жех санна, шен кIезий Iамош,

Катоьхна йухабевли, дера дог Iабош.

Стигланаш къевкъина, латтанаш дийги.

Нахана кегдина дитташ тIеийги.

Уьш йаккхий тоьпаш йу, цIе Iетто йоьлла.

ЧIагIонаш латтайар халонга даьлла.

Дошлой а гIаш бехи, дан дагахь хIилла,

Карийна гIашсалтий, гIорасиз хилла.

ГIашбевлла гусараш нохчашна ги.

ХIиллана дуьхьала хIилла а ди.

ТIехьашха тIелетта лаьттаче ковраш

ЦIаьххьанчу тохарца дIайиги говраш.

МостагIчун цхьа чIагIо лаца кайели.

Вукхухьа пхи бIе говрех а вели.

Йуха а йоккха топ цIе Iетто йолуш,

Тоьпийн дур дIатийча, таррийн зов долуш,

Итт сахьтехь лийтира, ца кхоош са.

Дахар шайн диллина лардарна цIа.

Лардархойх хIоранна уьш иттех кхочу.

Йаккхийчу тоьпаша чIагIонаш оту.

Са ма-дду летахь а, эххар ницкъ хели.

Бухабовла дезаче гIуллакх а дели.

Ткъа толам белахь а мостагIчун хилла,

Эзар уьш висира цу чIожехь Iилла.

АтагIа кхечира, сацо ницкъ боцуш.

Ткъа цигахь дуьхьало хилира кхочуш.

Хаддазчу тохарша малдина са.

ГIелбелла мостагIий бахара дIа.

ХIун лоьху, йистйоцу шен мохк а битина,

Кху лаьмнийн тархашка далочо питана?

Латта и веъна-те ца тоьаш ваха?

Ткъа иза-м цуьнан ду, да воцуш аха.

Веъна-те мацалло хьовзийна гатте?

Ткъа цуьнан йалта ду, ца тарлуш хьаьтте.

Веъна-те кхерамо маьлхан нур кхолийна?

Ткъа цуьнан эскар ду, тIом шинхьа болийна.

ХIан-хIа, и валийна мацалло син.

Лелац и дан гIерташ дахар а цIин.

Саьхьарчу даго и гIаттийна лела.

Бац цуьнца къинхетам. Вац даг чохь Дела.

Барзо биъна дуй(Халкъан дийцар)

Дахаран шатайпа куьзга ду туьйра.

ХIоранна ша гайта, когаш а Iуьйра.

Цацанах чекхйоху цо нехан амалаш,

Схьагойтуш, йисина хIора а жуьйра.

Борз йеъна, бохура, жаIуьнна тIе,

Iаш волчу мартанна латийна цIе.

– Хьо лаа лелий-те? – хаьттира жаIуьно,

Цецваьлла, тIейарна ца тухуш пе.

– Ижуна толлучохь ирзошкахь аьхна,

Ког бойна йиси со, мацалла хьаьхна.

Чов йерззалц кхачанна цхьа аьтто оьшура.

Мацалла ца йевзаш хир вац хьо ваьхна.

Набаран тарца хьо Iехийча батто,

Боданехь катоха болушшехь аьтто,

Хьан пурба доьху ас. Мадарна кIеззиг,

Цхьа цIинто лой а, сан аййехьа гатто.

Бакъо йац, элира жаIуьно, шен,

Бахьийта пурбанза дегара жен.

И хатта ваха а аьтто бац хIинца.

Цхьа а вац же хьожуш, схьаваллалц, Iен.

– Саготта ма хила, ладогIа соь.

Со Iийр йу жа лардеш, ладоьгIуш хьоь.

Берзан дош ду хьуна, гIой вола, сапаргIат,

Дойтур дац цхьанна а уьстагIан доь.

ХIусамда карийра, дайъина кой,

Баьрче а ваьлла Iаш, хIоттийна той.

Генара хьеший бу цу шуьнехь гулбелла.

Гоьзанахь – шелдала кхианза дой.

Ша деънарг дийцира жаIуьно эле:

– СагIа а хир дара. Хир даре меле.

Ткъа эла оьгIазе аз айъа вуьйлира:

– СагIа-ма къобалдар доьхур вай Деле.

Хьаннах ахь тешийна дитина жа?

Барзо ма тухур йу сихонца ка.

ЖаIуьно элира, ша тешна ву цунах.

Дош цо шен лардаре дуьллу ша са.

Дуй биъна цу барзо, хьо хатта гIахь,

Жа ша хьан лардийр ду, дош лардахь ахь.

Хьешана неI йуьтуш, ша баьрче ва хиъна

ХIусамда хуьлда шех, тешнабехк бахь.

Кхохкийра, мIаьргонна, цкъа элан йуьхь.

Веларца элира: – Сан кIаййеш йуьхь,

Хьехар ди цу барзо ларамза суна а.

ДIахийци ас хIинца кураллин дуьхь.

Тоьлла ка хьанал би ас цунна, ала.

Ма хуьлда кхин цунна мацаллин бала. –

Ша вухавирзина, шуьн дуьхе хиира,

Хьешан хьакъ дIаделла, шуьн коьрте вала.

ГIотане вирзича Iу, бахьаш кхаъ,

Галбаьлла бацара уьстагIех цхьаъ.

Тоьлланиг ка лаца пурба ду, элира.

Ткъа барзо лецира даьллариг даI.

Шен ижу такхийна борз йуьстахйели.

ЖаIуьно, цу суьртах цецваьлла, эли:

– Тоьлла ка муха бу, дицделла барзана.

Хиллачу чевнна тIе, хьекъал а хели.

Борз йелакъежира: – Ларве хьо Дала!

Йиш йац сан, гIелйаларх, дакъазайала.

ГIиллакхна гIиллакхца жоп дала ца хиъча,

«Акхаройн эла» сох хир дарий ала?