Вахит Хаджимурадов.
СТУДЕНТАШ.
(Студенташна комеди 3 декъехь)
Дакъалоцурш:
Ваха Дикаевич – профессор
Хавка Хавчикова – профессоран г1оьнча, ассистент
Лула Кортаева – дика доьшу студентхо
Зуля Хасмагомедалихаджиева – студентхо
Писухан – студентхо
Сутархан – студентхо
Борзхан – студентхо
Божхан – студентхо
Моздар – студентхо
1- ра китайхо
2- г1а китайхо
I дакъа. I сурт.
Делкъанах т1ехъиккхина хан. Университетан хьалхахь. Г1ишлон сурт, даккхий элпашца яздина «Нохчийн Пачхьалкхан университет». Сцени т1ехь университетан хьалха деха г1ант, цунна т1ехь 1аш виъ к1ант студенташ: Писухан, Борзхан, Божхан, Сутархан.
Писухан. (Сутарханан белшана т1е корта а товжийна наб еш ву)
Сутархан. (Писуханан корта тергал ца беш хьалаиэккха, д1асаволало) Ва нах, х1ара вай1н универ болх беш мукъна а юй те!
Писухан. (Г1анта т1евужуш кхин д1а наб йо)
Борзхан. Сутарниг, д1авалахь хьайн декъазчу коьртана бала а ца лоьхуш.
Сутархан. Сан корта-м баланаш чудохку т1орказ дара, баланех дуьззина. Х1ун башхалла ю, цхьа бала дукха, цхьа бала к1езига. Магнитах бина болуш санна, со мел хьалхара д1аидарх, уьш т1аьхьара ца довлуш «ткъап!» – олий суна бен мара ца лелха, уллохь сол а дуккха а хаза, куц долуш сан накъостий белахь а!
Божхан. Дера и бала оцу хьан марахь баллахь а, бале-м тхуна массарна а болу. К1ентий д1адовлийтийша вай универан хьалхара, борз санна волчу Ваха Дикаична к1омсаршна улло вай нийса а ца долийтуш.
Сутархан. Мас сахьт даьлла вайна?
Божхан. (Мобильник т1ехьожуш) Дера ю кестта лекцеш чекхйовлу хан. Хьан телефон юха а охьахиъна?
Сутархан. Ванах, ма тамашен нийсо йоцуш дуьне ду-кх х1ара. Мел ч1ог1а 1уьйрана араваьлча а, нийсса и лекцеш чекхйолучу хенахь бен х1окху универ хьалха ца кхочу-кх со!
Борзхан. Дера, Сутарниг, кхочур вара хьо г1алахь мел йолчу кафешкехула ца ваг1ахьара-м кхуза.
Сутархан. Дера ву сан (ингалсан маттахь) фаде керла нохчалгех тоьллачех цхьаъ. Цо шен туькнашкахь схьагулйо нахарчаш, ткъа аса мелла а компенсаци кафешкашкахь д1ало, кхин а шортта вайн махкахь керла нохчалгаш дебийта!
Писухан. (Самаволу корта ойбуш) Уьш муьлш бу, керла нохчжоьлгаш? Уьш х1унда дебош бу х1окху, Сутархан аьлча а, балийн т1оьрмиго?
Сутархан. Пису, хьуна набарха вон г1енаш го моьтту суна! Нохчжоьлгаш бохург х1ун ду хьан? Керла нохчалгаш бай уьш-м! (Ша-шега) Стенна т1ехь делахь а цхьана х1умана т1ехь бакъ г1енаш-м го оцу Писуханна.
Божхан. К1ентий, довлийта вай х1окху нохчийн рулетках ловзучура д1а!
Сутархан. Божок, и х1ун нохчийн рулетка ю? Уггаре бурса лоруш ерг-м оьрсийн рулетка ма ю. Тапчана беран чу цхьа патарма а буллий, шен коьрте а лоцуш лаг озош, х1орамма а шен рог1ехь.
Божхан. Нохчийн рулетка дера ю цхьа шаьлта вовшен кар-кара а луш шиъ тасалуш. Амма Ваха Дикаичан вай тусалахь вайна хир ю оьрсийн а, нохчийн а ший а рулетка!
Сутархан. Ткъа и муха кхетон деза, ва Божок?
Божхан. Дера деза иштта: цо вайна цкъа тоьпаш а тоьхна, т1аккха шаьлтанца дерина, цистина охьадохкург хиларх.
Борзхан. Дера ч1ог1а самукъадолу цуьнан, вайн ц1оканашна т1ехь дабаг1а деш.
Писухан. (Г1анта т1ехь 1уьллучохь) Дера, цу т1ехула т1е, цунна-м профессоран алапа а ло.
Божхан. Цуьна декхар ма ду вайн ц1оканаш кест-кестта семсаяхар.
Сутархан. Декхар-м дера дацар цуьнан, йа бала а. Ша и «Жигули» эцна самукъадаьлла коча веъна-кх и вайна, вай 1уьйрана меттара г1иттош, суьйрана д1адийшон г1ерташ.
Божхан. Юкъарбахамехь вайн чоьне хьажа маца вог1ур ву-те и?
Сутархан. Х1инцца ас эр ду хьоь! (баттара шаьлта санна катухуш схьайоккху хечин доьхкана т1ера баттара мобилан телефон. Латон г1урту, амма цуьнан батарейка охьахиъна) Хьо йиса моллина! (шен метте юьллу телефон). Божок, хьайниг лохьа соь, сайниг охьахиъна-кх юха а. (Божханегара схьаоьций телефонан нуьйданаш т1ете1айо, лерге ухьу). Хьо мичхьа ву? Со х1оккхузахь ву-кх! (телефон ерзайо Божхане).
Божхан. Т1аккха, хиъан хьуна?
Сутархан. (Ойланашка вахана) Х1ун хиъарий боху ахьа?
Божхан. Сутарниг, хьан корта-м ца боьжна? Парфессар вайга хьошалг1а маца вог1у хаан г1ерташ вац хьо?
Сутархан. Телефон буйна эцча дицдели-кх суна. Оцу телефонна чухула кхин олуш х1ума а ма дац массара а. Схьайтал кхин цкъа а.
Божхан. Хьуна-м дера моьтту сан телефон ахча деш ю! Тамашена хеташ делахь а, цунна-м и д1акхаллан бен ца хаьа! Х1ан! Т1аьххьара кепек д1а ма кхаллалахь цу чуьра!
Сутархан. (Тлефон туху) Алле! Хавчик, хьо мичхьа ю? (Жимма ладуг1уш) И саьрмик цигахь буй? Мичхьа? Лекцехь? Хавчик, аса т1едог1учу шота суьйрана хьо ядон ч1аг1о йиний хаьий хьуна? Муха ца хаьа! Хьо ядайойла ца лаахь и профессор тхо 1уьйренца самадаха маца вог1ур ву алал соьга! Ала-а-а, сан куллашна юккъехь даьлла зезаг! Ала! Ас хьо ядайойла ца лаахь! Ца олу ахьа? Делахь ларлуш хир ю-кх хьо! Х1окху шота суьйрана ас хьо сайна д1аюьгуш ю-кх, ахьа алахь! Маца, маца вог1у? Кхана 1уьйрана вог1ийца?! Мегар ду, сан дегна т1ехь даьлла к1охцалг! Хьо яцахьара йиш янне а ма яцара! Шота суьйрана ларлуш хилалахь! (Телефон Божхане ерзайо).
(Университетан чохь г1ийла горгали бекаш хеза).
Божхан. К1ентий, со кхин хьоьжура волуш вац кхолламан бага. И, Ваха Дикаич аьлча а, и ц1оькъа лом гучудалале аса-м юм йо кхузара!
Сутархан. Аса туьма дуьллу-кх къовсамна!
Борзхан. Муьлхачу?
Сутархан. Х1окху г1анта т1ера хьалха мила воду хьожуш! Хьалха веддачо туьма охьадуьллу! Реза дуй шу?
(Массара а) Дац! Дац! (Амма цхьа а меттаха д1а ца волуш озалой, нислой вуог1авелла вуьсу)
Писухан. Вай къовсаделла ма дац, 1овдалаш! Д1адаг1ийта вай! Х1инцца Ваха Дикаична кера г1ура ду-кх вай! Оцуо-х вай 1овша а ца 1овшуш д1акхоллур ду!
Борзхан. Кхаллийтахь!
Писухан. К1ентий! К1ентий! Ас лура дац шуна и туьма!
Борзхан. (Яхье ваьлла, цергаш юккъехула) Лур ду!
Писухан. Лур дац!
Борзхан. (Вуог1авелла университетан не1аре хьоьжуш, цергаш хьакхош) Лур ду!
Писухан. Лура дац!
Сутархан. Х1унда?
Писухан. Соьгахь доцудела! Т1ехь йоцачунна т1ера хеча яккхалур юй?
Борзхан. Хилчхьана лур ду!
Писухан. Мегар ду делахь, т1аккха-м шуна и туьма цкъа а гур дац!
Сутархан. (Университетан не1аре а хьожуш кест-кестта) И бохург х1ун ду? Цкъа а!
Писухан. Со дуьненчу ваьлчхьана дуьйна, цхьа туьма ахча а сан киснахь гуллуш ца хилар ду-кх!
(Университетан не1арш елло. Лула арайолу, цунна т1аьххье Моздар а волу ара. Уьш къевлабовлу)
Писухан. (Не1аре вуог1авелла. Д1аиэккха кийчча) К1ентий вай къевисна ма дац! Д1адахийта вай! Довлийта к1елхьара!
Борзхан. Хьо дукха лиэхь, вай доьхканца вовшаха когаш доьхкура ду т1емлоша санна!
Писухан. Ахьа х1унда доьхку вай вовшех? Вайх цхьаъ вадан везаш вац? Туьма ца деза хьуна?
Борзхан. Х1инца-м ца деза цхьа а туьма а! Вай майралла къовсуш ду!
Писухан. Х1а-а! Кхийти со, х1ара берзалойн, аьлчи а Борзханан рулетка ю! Везан Дела и Ваха Дикаич меца мукъна а ма хилийтахь! (Д1авадан г1урту, амма накъосташа шайн джинсаш т1ера доьхканаш схьадохий, шайн а Писуханан а когаш вовшаха боьхку).
Писухан. Аша х1ун до! Хьерадевлла шу? 1а-а-а! Д1ахеца со! (Ц1аьххьана х1оьттинчу тийналлехь ц1евзаш схьаеллало университетан не1. Стигланаш къевкъа. Гучуволу профессор, т1емак1елахь папка а йолуш. Эххар а профессорна го г1ант, г1анта т1ехь 1аш к1ентий а. Къевкъачу стигланан г1овг1анца улло вог1у профессор к1енташна. Дехьаволуш, сехьаволуш хьожу и г1анта т1ехь шаьш вовшах бихкина 1аш болчу к1енташка). Шу гуолаьцна, мостаг1 т1еваре хьоьжуш 1аш ду моьтту суна!
(К1ентий хебина к1елд1ахашкахула хьоьжу берзан к1езий санна)
Борзхан. (Цергашна юккъехула) Де дика хуьлда, парфессар!
Божхан. (Д1авоьрзуш) Де дика хуьлда…
Сутархан. (Къинхетамен дуьхьала вирзина) Де дика хуьлда хьан, лерамен Ваха Дикаич!
Писухан. Ваха Дикаич, аса баха а ца бохуш-м дацара хьуна хьокху тентигашка!
Профессор. Х1ун бохура ахьа оцу тентагашка, сан хьомениг?
Писухан. И бохург х1ун ду? Довдийта бохура-кх саьрмик гучубалале… аьлчи а, ц1оькъа лом… аьлчи а…
Профессор. Хьо хьуьнхахь ву-м ца моьтту хьуна (оьг1азло гойтуш), сан хьо-ме-ниг!
Писухан. Хьуьнхахь ву-м ца моьтту, амма кхузахь воцуш хьуьнхахь хила а реза-м вара со.
Профессор. Ой, иза-м хала доцург ду! Кестта сесси а ю борз санна т1ейог1уш!
Писухан. И борз-м оха охьатаь1ина йа охьадийшина а т1ехула йолийтура яра. Хьо ву-кх хала!
Профессор. Ой, и х1ун ду ахьа суна юьхьадуьхьала а вирзина дуьйцург? Аса дера ву хьо х1инца вог1ийтура оцу хьуьнха!
Писухан. Со-м хьуна лаахь д1а а воьрзура ву. Ваха Дикаич, хьуьнха а ца вохийтуш ц1а вахийта со, со кхин вухавог1ур вац хьуна!
Профессор. Муха вухавог1ур вац? Ткъа лекцеш? Хьуна (массаьрга а хьожуш) шуна ма саьрмик тарбелла сан лекцех!
Сутархан. (Д1авирзина воллушехь) Лекцех-м ца тарбелла…
Профессор. Ткъа хьанах тарбелла?
Сутархан. Ас эра-м дац!
Профессор. Х1умма а дац, сан хьомениг, сан хьоменаш, сессехь эра ду аша а, аса а вайна хетарг х1окху дуьненах лаьцна.
Божхан. Деллахь, Ваха Дикаич, ду х1ара ч1ог1а чолхе дуьне-м! (Корта ластабо, профессорах шен кхетар гойтуш). 1амаркхой Иракъана коча баг1ана, иза а нохчашна т1етоттур ду-кх хьуна цара хьан б1аьргашна гуш! Дика ду-кх китайхой цхьанна а чуг1ерташ боцуш.
Профессор. Чуг1ерташ бацахь а (ойлане волуш) кестта вайн университете нохчийн мотт 1амон бахка безаш бу церан студенташ.
Божхан. Парфессар, масса миллион!
Профессор. И бохург х1ун ду? Масех миллион уьш схьакхачахь, вай республикера шаверг а нохчо Москва д1авахан ма веза!
Божхан. Парфессар, вай-м Москва д1аг1ура ду, ткъа Москвар бахархой Сибреха бохийту вай? Цхьа миллион нохчий Москвана итт миллион китайхой вайна санна хир ма бу!
Профессор. Х1ан-х1а, Москвара бахархой Сибрехахь мацалла лийр бу. Вай г1ура ду Сибреха! Вай цига даг1ийтича а ца делла!
Божхан. (Профессор хабаре ваккха г1ерта, 1ехон) Парфессар, миллион китайхо нохчийн мотт 1амон ваг1ахь, хьан кафедран олалла ма хьаладер ду! Хьоьга 1амалур буй царнна массарна а нохчийн мотт?
Профессор. 1амалур бу хьаха, шу веаннечул а атта-м!
Божхан. Парфессар!
Профессор. Х1ун боху ахьа, сан хьомениг?
Божхан. Ваха Дикаич, ткъа уьш итт миллион китайхо вайна ваг1ахь, т1аккха 1амалур буй хьоьга царнна и вайн сийлахьа нохчийн мотт?
Профессор. (Велакъежаш, ойлане волу. «Чапаев» кинофильман чуьра «Черный ворон» мукъам хеза г1ийла) Жимма халуо-м хир ду, делахь а 1амалур бу!
Божхан. Василий Иванович… аьлчи а Ваха Дикаич! Цара ткъа миллион китайхо ваийтахь царнна 1амалур буй хьоьга вайн и нохчийн сийлахьа мотт?
Профессор. Жимма суо 1аман дезар ду, Петька… аьлчи а Божхан. Т1аккха ткъа миллион китайхо а 1амор бу-кх.
Божхан. 1алелай! И ткъа миллион нохчийн китайхой Китай д1акхачахь ма къаьхьа де хир ду оцунах!
Профессор. Китайхь-м ткъа миллион х1умма а йоцург ю, амма и ткъа миллион нохчийн китайхой д1абаханчу нохчийн миллионна т1аьхьа Москва д1аг1ортахь, т1аккха-м ду иза кхиэ-эмат де! (Ойлане) Дера ду къемат де-м… (Ц1аьххьана дагадог1у, ша дов дохьуш веъна хилар х1окхарнна т1е). Ду дера къемат де аша соьгахь а сан университетехь а. сан белхалошка а х1оттийнарг! Китайхой-м аса экзаменехь гойтур шуна!
Сутархан. Ваха Дикаич! Во, Ваха Дикаич!
Профессор. (Оьг1азе) Х1ун боху ахьа сан хьомениг?
Сутархан. Сан университет, сан белхалой, бохург х1ун ду хьан?
Профессор. Сан университет яц и ткъа?
Сутархан. Пачхьалкхан, нохчийн къоман университет яц и?
Профессор. Университет хьенан ю-м экзаменехь гур ду вайна, шу сан хьоменаш… Со айса дуьйцучух 1ехон шуна шайт1ана санна дага ца дог1уш х1ума дац-кх.
Сутархан. Хьо 1ехон-м кхин х1ума а карор дара…
Профессор. Шуна-м х1ун карор дара х1оккхуза цицигаш санна вовшех а дихкина 1аш долчу! (Воьлу) Хьа-хьа-хьа!
Сутархан. Парфессар!
Профессор. Х1ун боху ахьа, сан вихкина 1ен хьомениг?
Сутархан. Аса хьо х1инцца 1ехавахь оха х1инццалца тхайна т1елетийна къинош тхуна дуьтуш гечдой ахьа?
Профессор. Со молла ву-м ца моьтту хьуна?
Сутархан. Дера тхо-м моллийна т1е а г1ура дара, оцу делан мостаг1аша тхо х1оккхузахь вовшех а дихкина ца дитинехьара.
Профессор. Ой, и бохург х1ун ду? Аша шаьш вовшех ца дихкина шу?
Сутархан. Ца дихкина дера! Тхо 1овдал-х дац уьстаг1ий санна кхузахь дихкина 1иэн!
Профессор. Ткъа хьан дихкина шу вовшех?
Сутархан. Дера дихкина и хьан керла эцна «Жигули» д1а ца йигийта г1ерташ оцу цхьа зоьрталчу, ондачу к1ентех тасадалар бахьана долуш. Тхо а дац ледара-м, амма церан ницкъа алсам а хилла цара тхо котаман к1орнеш санна вовшах дихкина охьадехкина, хьан оцу универан т1ехьа машенаш х1итточохь лаьттина ц1еналла ялан йоллу машен а ядийна д1абаха-кх уьш!
Писухан. Ваха Дикаич, Дала диканца меттах1оттайолда хьан машен!
Божхан. Амин!
Профессор. (Т1емак1елара папка лаьтта йожош) Сан… машен! Орца… Милици… Ва, орца дала! Ва, милици яла! (Сцени т1ехула д1а схьаводуш цхьана аг1ора къевлаволу)
Сутархан. Х1инца когаш кера эцалаш, к1ентий! Вай кхузара юм ца яхь, оцу ц1оькъалоьмо ша ленвар гучудаьлчи вайх даь1ашкаш бен ца юьтуш дуур ду-кх вай, т1е туьха а ца тосуш!
Писухан. К1ентий сиха к1ура байтийша вайга кхузара, и нарт Эрстхо вухаверзале!
Борзхан. Сутарниг, хьан йигина профессоран машен?
Писухан. Ва, Дела, х1окху 1овдална цхьа сирникийн ботт хиллал мукъна а хьекъал лохьа!
Сутархан. Машен цхьамма а ца йигина… Аса х1илла х1оттийна, вай к1елхьара довлийта.
Борзхан. Делахь сан туьма схьадал! Со тоьлла!
Божхан. И Ваха Дикаич мерах ц1ераш а етташ схьакхачале к1елхьара довлийта вай!
Борзхан. Кхаьчча х1ун ду!
Сутархан. Борзик, ахьа х1ун до, ялсамане дуьгу вир санна биъ ког а г1ортийна дуьхьала ваьлла! Аса ло-кх хьуна и туьма, к1елхьара довлийта вай!
Борзхан. Итт!
Сутархан. Х1ун итт?
Борзхан. Итт туьма, х1инца и мах бу сан!
Сутархан. Э-э-э! Хьо валла налла юуш! Хьуна-м дера моьтту и тхан да ахчаден завод и йиллина 1аш ву!
Борзхан. Пхийтта!
Сутархан. Сом!
Борзхан. Туьма!
Сутархан. Итт!
Борзхан. Туьма!
Сутархан. Мегаш ду делахь… туьма!
Борзхан. Пису, тоьшалла декъал тхан! (Сутарахане куьйг кховдош)
Писухан. Суна итт!
На этой странице вы можете прочитать онлайн книгу «СТУДЕНТАШ (комеди)», автора Вахит Умарсултанович Хаджимурадов. Данная книга имеет возрастное ограничение 18+, относится к жанрам: «Книги о приключениях», «Пьесы и драматургия». Произведение затрагивает такие темы, как «пьесы», «чувство юмора». Книга «СТУДЕНТАШ (комеди)» была написана в 2025 и издана в 2025 году. Приятного чтения!
О проекте
О подписке
Другие проекты